Суббота, 18 11 2017
Войти Регистрация

Войти в аккаунт

Логин *
Пароль *
Запомнить меня

Создать аккаунт

Обязательные поля помечены звездочкой (*).
Имя *
Логин *
Пароль *
Подтверждение пароля *
Email *
Подтверждение email *
Защита от ботов *

"Мцыри" Михаила Лермонтова в переводе на чеченский язык Адама Ахматукаева

  • Вторник, 17 октября 2017 00:09

Михаил Лермонтов

 

 

   МЦЫРИ[1]

      (поэма)

 

 

Вкушая, вкусих мало меда,

                               и се аз умираю.

 

              1-я Книга Царств

 

 

1

 

Цхьажимма хьалха шерашкахь,

Ши йиша санна мар-марахь,

Куран, Арагван уьйчохь хиш

Гу-лаккхахь лаьтташ яра килс.

Цу агӀор-м хӀинца а го-кхий

ГӀаш вогӀу-воьдучунна, ков

Чудоьжна, харцаза ши ког,

Ва момсарш, килсан тхевнан дукъ;

Кхин цунна кӀел – цу хьарми чу –

Ца хьийза хьожа-аьхна кӀур,

Я буьйса-кӀоргехь мозгӀарийн

Мукъам, вай Деле кхуьйлуш, – кхин.

Цхьа къоьжа къано ву цигахь,

Цхьа са ду ша и, ког кошахь,

Ӏу хилла херцарийн, и Ӏа.

ДӀахьоькхуш чарташ тӀера чан,

Цо хьаьркаш дендо йозанан,

Схьакарладохуш лелла дерш –

Ва хьаьхна дерш, ва аьхна дерш –

Цкъа маццах даржан бехкамо

Са-бӀаьрзе винчу паччахьо

Шен халкъ а Россин куьйга кӀел

Дигарх, ва Гуьржийчоьнна тӀе

Цу Делан беркат хьовзадеш,

И ларъеш вуонах мостагӀийн,

Карийна агӀо доттагӀийн.

 

2

 

Цкъа лам чохь оьрсийн инарла

Тифлисе охьавогӀура,

Ша цӀетта санна, йийсар деш,

Схьаэцна бер а даладеш.

И бер, ца лайна беха некъ,

Схьагора гӀора эшначех,

Пхи-ялх шо кхаьчна хиллал, кхин

Хир доцуш, эрзах эгӀазий,

Ва акхий, стешхий, тап масар.

Цо ловра Ӏазапе лазар,

Са кхобуш доьналлица дайн,

Ца леткъош дош а къера, дайн.

Даарна къуьйлуш бетан гуо,

Са-курра йора дуьхьало,

Шен дегӀ даахь а мацалло.

Ткъа халбатерчу мозгӀаро

Къинхетам орцах баккхаро

Лазарх а хьалхавоккхуш, и

Ӏан-ваха килсахь висна. И,

Ца кхеташ берийн ловзарех,

Юьхьанца вуьйлуш царна тӀех,

ДӀалелла тийна-таьӀӀина.

И къорра, дагна даӀ дина,

ДӀахьежна малх схьакхетачу,

Са лаьтташ кхача дайн цӀа чу.

ТӀедужуш йийсараллин дукъ,

ДӀавоьлла маттах хийрачу,

Ӏуналла тоьлла мозгӀарийн,

Ца довзарна дуьне а кхин,

Дагахь а хилла тоба дан,

ДӀакхеташ церан тобанах.

И цкъа-м дӀавайра цӀеххьана

Гурахь къу-берзан буьйсана.

Схьалоьхуш орцах орцано,

Де кхузза хийццалц буьйсано,

И эххар аренгахь са чохь

Карийра, хьош юха а цу

Ша ведда волччу хьарми чу.

И гӀийла вара – деккъа са,

И – хьаьшча санна балхо, я

Мацалло, цхьана цамгаро.

Цо, хаттаршна а инкарло

Еш, хьал шен дора кхин а вуон.

Некъ баьлча лела кхиэлана,

ТӀевеъча мозгӀар кхийлам бан,

Цкъа цуьнга, халла нисдеш дегӀ,

ЛадоьгӀна, эххар цомгашчо

Ца лацабелла деган муо

ДӀабостуш, долийра къамел:

 

3

 

«Баркалла, варна кхуза хьо

Ас даре дендерг хаза. Со-м

Варийца суо, и далхадеш,

Сайн кийра бассо сагатдеш.

Сох нехан къа-м ца хьирчина

Ас хьуна охьадагардан.

Ткъа хӀокху дагардийцаре

Сан дог схьадасталурий-те?

Сан дахар хилла йийсарехь,

И – доца, и – сатийсарехь

ДӀадаьлла. Ас, и санна шиъ

ДӀаделла, оьцур дара кхин –

Цхьа дуьззинарг, цхьа къегинарг,

Ткъа сайнчо ойла хьегийна,

И йоьлча нӀаьнах кийра сан,

И бáжа, цӀарах багабан.

Цу ойлано со, халбате

ДӀатесна, хьой са хьоьгуче –

И тархаш мархел лекхачу,

Нах, аьрзуш санна, маьршачу –

Сан хийла буьйса гӀайгӀанехь

ДӀатилла бӀаьргийн делхарехь.

И латтий, стигал хезаш ду-кх,

Со къера ву, са хьегна ву,

Сайн дийцар данне доцуш харц,

Ва амма дохковуьйлуш вац.

 

4

 

Дукхазза хезна суна ахь

Суо ваккхар лечу киртигах –

Ткъа хӀунда? Генах даьккхина

ГӀа дуй со-м, гена даьккхина.

Со – сица бер, сайн кхолламехь-м

Со – мозгӀар, кхиъна халбатехь.

Сан ала йиш ца хилла цкъá

И хьоме дешнаш: «нана», «да».

Ткъа хьуна-м лиъна хир ма ду

Со царах, хьоме-хьомсарчу,

Тило кху хьармин гурашкахь, –

Ма эрна! Гуттар сан дагахь

Ду церан аьзнаш, сица сан

Дуьнен чу цхьаьна даьхкина.

Со, нехан даймохк, доттагӀий

Ца гуш а ма ца лелла-кхий,

Ткъа лелла со, сайн гергарнаш

Ган хьоьгуш, я – тӀехӀотта каш.

Ас эххар чӀагӀо йира, кхин

Ца дохуш эрна бӀаьргех хи,

Цкъа маракъовла гергарниг –

Ца вовзарх, цӀийца гергарниг –

Сайн гӀори-гӀоддах, гӀайгӀане,

Цкъа мацца а, цкъа мукъане.

ДӀаяьгна, маржа, ойла и,

ЦӀе хáлар санна хазаллин.

Кху хиэрехь, ваьхна хиллачохь,

Лай санна, байлахь лийр ву со.

 

5

 

Со кошан балех кхоьруш вац:

Са хьегнарг цигахь сема дац,

Цигахь ду шийла, тийна ду,

Ткъа дахар муха дуьтур ду?

Ткъа хьуна девзинерий хьайн

Жималлин цӀийца ойла хьáр?

Ца девза я вицвелла хьо,

Хьайн корта безамо дӀахьош,

Я дог цабезамо дахьош,

Хьуо лелар, амма – детталуш

И дог, цхьа дийна-детталуш:

ДӀахьоьжуш, лекхчу момсар тӀехь

Ахь малххий, арей тергалдеш,

Цигахь – и хӀуо а цӀеначохь –

Цкъа наггахь пенан хари чохь,

Башийна, синна сакхо еш,

ДӀатебба кхокха тергалбеш?

И, дагахьбаллам беш ца беш,

ДӀадаларх, гӀора хьош хьан дӀа,

Хьо-м дахар диъна вуй, вашá!

Хьо дицдан хӀума хилла ву!

Ткъа со – и данне доцуш ву!

 

6

 

Цу паргӀатонехь гиначух

Ас дийций? – ЭхӀ, и башха ду!

Бай-ареш, гунаш, царна тӀехь

Гуш дитташ – цхьанаэшшарехь –

Вежаршха техкаш хелхарехь.

Со Ӏаьржа тархаш гина ву,

Со церан ойла тидда ву:

И суна Дала делла ду!

Хин Ӏоврийн дозанаша шаьш

Цу гергехь вовшах хьегаеш,

ДӀалаьтта уьш, цкъа даггара

ДӀакхета хьаьгна мар-мара.

Ткъа денош чехка оьху дӀа,

Шераш а дуьйлу иштта дӀа –

Уьш вовшахкхетар йоцуш цкъá!

Со лаьмнийн баххьаш гина ву,

Цхьа тамашийна – сахуьлуш –

Сатийсам санна цӀена уьш  

Цу стигла хьалаийалуш.

Ткъа бамбин мархаша а рагӀ

ДӀаоьцу, гӀуьттуш даккъашкахь,

ДӀагӀертош болар малхехьа,

Ша кӀайчу олхазарийн жутт

Гулъелча санна, хӀуттуш сурт.

Ткъа геннахь, кӀайчу дахкарлахь,

Малх лай тӀехь сирла богучохь

Схьагора къоьжа и Кавказ;

Сан дог, ладоьгӀча цуьнга ас,

ХӀун ду а суна ца хууш,

Ша пиллиг санна, детталуш

Дара, цхьа ойла хьийзаш чу,

Цигахь цкъа со а ваьхначух.

Сан иэс а дара деллалуш,

ДӀадахнарг дуьхьал далалуш.

 

7

 

СхьадуьхьалхӀоьттира тхайн цӀа,

Тхайн Ӏин а, цуьнан тогӀица

Тхайн юрт а – суьйре йоларехь

Чуерза кечамаш барехь;

ЦӀалоьхку чехка реманаш,

Пхьуйн геннахь евза гӀовгӀанаш,

Чо-къоьжа къаной – беттасехь

Ден цӀенна хьалха – пхьоьханехь;

Уьш Ӏер а – оьзда, гӀиллакхехь;

Оцаьргахь, батто хоьрцуш бос,

ГӀодъюккъехь шаьлтанаш а го.

И дерриг довра, бӀарлагӀийн

Я гӀенан кхоьлан рагӀ хуьлий.

Ткъа да сан? ТӀеман духарехь,

Ма-варра, дийна, суна тӀе

СхьахӀуьттуш ма варийца и,

Ӏу санна дагалецамийн.

И гӀагӀ цуьнан зовдуьйлуш го,

Го тоьпан, херцаш, къега бос,

И юьхь а къармазе цуьнан.

Го къона йижарий а сайн…

Оцеран аьзнех бара-кха

Сан ага тихкина мукъам…

Тхан Ӏин чохь дара чехка хи,

Ва амма гомха дара и;

Малх лацабелча гӀушлакхехь,

Со ловзуш Ӏара хийистехь,

Со чӀегӀардигийн ловзаре

ДӀахьежна цигахь тидаме,

Уьш, догӀа доладалале,

Хих тӀемаш туьйсуш, хьийзачохь.

Сарахь-м юха а тхайн цӀа чохь

Хуьлий со – буьйса яцлучохь, –

Цкъа маццах лелларш далхадеш,

Цхьа дехха дуьйцучеран теш.

 

8

 

Ткъа паргӀатонехь диначух

Ас дийций? – ЭхӀ, ма дуьне ду

Цигахь ас диъна, лайна дерг!

Ткъа дацахьара и кхо де,

Сан дахар гӀийла, гӀайгӀане

Хуьлур-кх, хьан тишчу къаналле

Ца кхочуш. Дикка хьалха ду,

Со хьаьгча хаа, муха ду

Цу арахь, латта хаза дуй,

Дуьнен чу дáха догӀу вай

Я текхо дахар – дáкъа лайн?

Цкъа, буьйса йоьлхуш догӀанах,

ДӀаловчкъа ткъесан кхерамах,

Шу, доьхна, цӀенкъахь Ӏоьхкучохь

Каяьлла, ведда вара со.

Ма маьрша дара дорцехь са! –

И мархаш лоьхкуш бӀаьрсица,

И ткъес а лоьцуш куьйгаца…

Сан деган, дорцан даьгначу

Цу доттагӀаллал дийна шун

Кху пенаш юккъехь дарий цхьá

Со Ӏехаваллал хӀума, хӀáн?

 

9

 

Со ведда воьдуш – мел, мичахь-м

Хаац-кха – седа стигалахь

Ца гуора, некъах лар тиларх

Со ларван, хилла юкъара.

Со, кийра Ӏехош – хиларо

Чуоза хьаннийн цӀена хӀуо –

ДӀаихна. Эша доьлча хьал,

Со, дегӀе жимма яйта ял,

ЛадугӀуш, воьжча бацала,

Лорах сан орца дацара.

ДогӀа а сецца, анайист

Схьакъестош дара дехха сиз,

И хедош, хьалаийалуш,

Кортош а лаьмнийн геннахь гуш.

ДӀатийна Ӏуьллуш вара со,

Схьахезаш чагӀалкхо Ӏин чохь,

Ша беро санна, хьоькху мохь,

Я, тӀулгаш юккъехь туьйсуш гуо,

Тидам тӀеоьзна лаьхьано.

Со кхеравелла-м вацара,

Ткъа лелаш вара нацкъара,

Цу экханах, цу лаьхьанах

Ва терра, ларлуш адамах.

 

10

 

Ткъа Ӏин чохь, кӀоргга цу бухахь,

Бартбоцчу аьзнийн йоккха чалх

Ва санна, Ӏовраш керчаеш,

Хи гӀергӀаш, гӀовгӀа яра еш.

И тӀулгаш дуьхьалдуьйлу дов

Дара, цу Ӏоврийн чӀагӀо ловш,

Цкъа лахлуш, кийчча дӀасаца,

Цкъа – хьерайоккхуш гӀартата.

Ткъа, гергадалош сахилар,

Хабаршка девлча олхазарш;

Стигаллий, латтий ийначохь

Схьакъеста боьлча дашо бос;

ГӀа хьадеш, хьаькхча мела мох,

Ӏаь гӀаттош – аьхна – зезагех;

Ас, цара санна, керла де

ТӀелаца корта айабеш,

Схьагинчо воха-м вира со:

Цу Ӏина йисттехь вара со –

Цу кӀоргехь тулгӀе гӀергӀачохь,

Чу – терхех – тархаш юьссучохь,

Жинан бен, лар а шайна тӀехь

Хиланза. И а – Дала шех

ДӀахердеш, охӀла жоьжхатин

Дан, кхуссуш стиглара чу и.

 

11

 

Ткъа суна гуонах Делан беш

Схьагора, бӀаьрса йийсар деш:

Цу бацалахь – цу стиглара

ЧуӀаьнна стелаӀодан лар;

Цу дитташ юккъехь – кӀажарех

Чукхозуш, кемсийн таьллангех

СхьахӀуьтту тамашийна сурт;

Патарш а церан – чекх са гуш,

Ткъа хилла йолчу хорханийн

Сибат а – лерган чӀагарийн,

Цкъа наггахь олхазарийн жутт,

ТӀехьаьвзий стешха, юссуш чу.

И дерриг тергалдора ас,

Самонца луьттуш хӀора аз.

Оцара, хӀора кондарехь

Шабарш деш цхьаьнаэшшарехь,

Цхьа Делан къайле юьйцучух

Тарлора, амма башхачу

Цу аьзнийн Ӏаламатехь, ас

ЛадегӀарх, цхьá адамийн аз

Ца хезна, сайна хилла вас

ДӀаерзарх дегаӀийжаме,

Кхин дисна доцуш, дийцар бен,

Со хӀетте а сатийсарехь

Ву иза юхадийцарехь

СхьахӀуттур долчу дахаран

Цу бӀарлагӀах а эца чам.

Цу Ӏура Ӏарш а чекх са гуш

Ярийца, кӀорга хеталуш.

Сан ойла кхирстира цу чохь –

Малик а схьаган тарлучохь –

Малх хьалабаллалц гӀушлакхе,

Хьогалла гӀортош сан логе.

 

12

 

Хи долчу кхача, кондарех

Катуьйсуш, когаш – тӀулгаш тӀехь

Байбинна сецош, бердаца

Чувосса гӀоьртира со. Са

Цкъа наггахь тоха-м лора сан,

ТӀулг когаш кӀелхьара бодий,

И мáса бердах чухьодий;

Лорах шен ойъуш некъан кӀур,

И кхиссалора Ӏинах чу,

ДӀакъайлабаллалц хин багахь.

Ткъа со… Со кхозура лакхахь,

Жималло уьйъуш маьрша яхь.

Ткъа охьакхаьчча, цу бухахь

Хи тӀера гӀуьтту цӀена хӀо

Сайн юьхь тӀе аьхна хьакхаро

Хьогалла чӀагӀъеш кхин а тӀе,

Со бертал вуьйжира хи тӀе.

Цхьа аз…цхьа гӀийла когийн лар…

Цхьа цӀеххьаш хилла уьш хазар,

Ас, куллах вулуш, берда тӀе

БӀаьрг-сема дуьйгӀира сайн лерг.

Ткъа аз, и герга догӀу аз,

И гуьржийн йоьӀан къона аз,

И дийна, маьрша дека аз

Ма мерза тергалдора ас,

И яккха Ӏамазчух кхин цӀе, –

Ва хеташ, – аьхна ерггий бен.

Цу чолхе йоцчу эшаран

Мукъамца ойла ийра сан.

И хӀинца, хӀора маьркӀажехь

СхьабогӀий, бека сан лерехь.

 

13

 

КӀудалца белшехь гуьржийн йоӀ

Чуюссуш яра, стешха ког,

Галбаьлла, шаршарх лар а луш,

Шен гӀулчех наггахь елалуш.

Къен духар доьхна беркъа дегӀ-м,

Ша тӀома санна, цу басех

Дайделла догӀура, ши тӀам

ДӀатесна тӀехьа кхолларан[2].

ТӀе – цунна – ӀиндагӀан дашо

ХӀур тевно биллина гарой,

Юьхь тӀера алу гӀиттарой,

Ва бӀаьргаший – бух кӀоргачу,

Чохь безаман цӀе йогучу, –

ДӀаваьхьна ойла яьхначу

Висарна, дагадогӀуш кхин

ХӀума а дац, кӀудал бен: хих

Юзуш, и зевне ма ярий.

Ткъа кхин? – Татий бен, хӀума – кхин.

Со меттавеъча даг чу тӀех

ЦӀий лоьллуш йолчу ойланех,

ЙоӀ генахь яра, шен мохьо

Ца талхош долчу боларо –

Ша акхтаргах – испайлла дегӀ,

Дайдинна, меллаша басех

ДӀахьош кӀудалца белша тӀехь.

Ши доттагӀ санна, ӀиндагӀехь

Ши саьккал къаьстара цигахь,

Басех чулетта хеталуш,

Цхьатерра тӀапа тхевнаш гуш,

Цу цхьаннах хьалаийалуш

КӀуьран сизалг а хаалуш.

Дуьхьал ду, хӀинцца хиллачух,

НеӀ йоьллуш, ялар йоӀ дӀа чу…

ДӀакъовлалуш а иза, го…

Ва амма хир ма даций, хьо

Сан сингаттамех кхиъна, гӀо.

Со дийна мел ву, дӀа ца туьйш,

Ас, маржа, коша хьур бу уьш.

 

14

 

ДӀатовжош гӀелделла сайн дегӀ,

Со паргӀатваьлча ӀиндагӀехь,

Лаамза бӀаьргнегӀарийн мохь

Сайн гӀенийн кхиэло базбинчохь

И гуьржийн йоьӀан къона васт

Юха а тергалдира ас,

Са-мерза гӀуьттуш ойланаш,

Ткъа кийра – юьйшуш гӀайгӀанаш.

СадеӀар кхачош, хӀоьттина,

Со самаваьлча, бутт бара

Чухьоьжуш сирла лаккхара.

Цхьа марха а – цу стигалахь –

Бутт хьарчо санна шен марахь,

Лорах тӀетебаш цунна, ша

Ижуна санна, саьхьара.

Дуьне – дӀатийна, бодане,

Цхьа лаьмнийн дато чечакх бен,

Ва хий бен, бердех детталуш,

Кхин хӀумма а ца къасталуш.

Цу саьккал чохь цӀе-м яра-кха,

Цкъа марсайолуш, хелаш цкъа.

Ва иштта – буьйса тергалъеш –

Нур седанан а го-кха леш.

Лаарх а, йиш-м сан яцарий

Цу цӀа чу гӀорта. Некъ сан кхин

Барийца – винчу махка тӀе.

Мацаллех ойла къехкаеш,

Сайн нийса къилба лаьмнех деш,

Со ларлуш, лечкъаш, къармаза

Ихира хьуьн чухула дӀа,

Цу лаьмнех бӀаьрса тилалуш,

Суо виссалц некъ ца харжалуш.

 

15

 

Со-м эрна хьере хьийзарий,

Схьаийзош коьллаш коканийн,

Ткъа уьш а – хутал-бацалахь,

Ткъа гуонах – хьун бен яцара,

Чу мел ю, юкълуш кхераме.

Цу коьллийн кондаршкара шен

Эзар эзарза бӀаьргаца

Схьакъерзаш буьйса яра-кха.

Со бӀаьрзе дӀасахьийзира,

Со дитташ тӀе а вийлира.

Цигахь а бӀаьрге лацалуш,

Цхьа хьун бен, яцара схьагуш.

Со тӀаккха лаьтта вуьйжира,

Со къаьхьа охьавилхира,

Сайн бӀаьрхиш лаьттан некха тӀе,

Тхи санна, довха Ӏенадеш.

Ткъа нахе орцах кхойкху аз

Хазорах мотт ларбира ас.

Ша экха санна арара,

Со-м хийра варий царна, ткъа,

Вашá, и осала мохь цкъа

Цо тоьхнехь, Делора ду бакъ,

Сайн мотт бухбоккхур-м бара ас.

 

16

 

Со хьуна хьалха кхиъна ву:

Ца хиъна суна, бӀаьрхи – хӀун?

Цигахь-м ас бӀаьргаш, маршо луш,

Белхийра, цхьанна а ца гуш.

И варш а сох ца кхаьрдара,

И бутт а – стиглан Ӏаьршара.

Ткъа хьалхá – ирзу гуора, шен

Го маббу лаьтташ буто пен, –

ГӀамарлахь корсам яьлла тӀе,

Цу беттан серло Ӏенаш тӀе.

Цхьа ӀиндаггӀий, ши кӀегий цкъа

Ирзуна тӀехтилира… ткъа

Лорах – цхьа экха, ловзаре

Ва даьлла, дужуш гӀамар тӀе.

И онда цӀокъберг яра, шен

Лар лелаш арахь гӀамарийн.

Самукъадаьлла цӀийза и

ТӀейоьссина а-м яцарий.

Цо доггах даьӀахк Ӏуьйшура,

Цо бӀаьрса баттах туьйсура,

ЦӀога а ловзош, хьаьгна цӀийх.

Чо-мас а цуьнан, беттасих

Нур дохуш, лепара детих.

Ткъа со а вара, шалго-гӀаж

Схьаэцна, лата кийчча Ӏаш,

Са къовса кховсуш даго цӀий.

ХӀетахь сан некъ барийца кхин,

Ткъа хӀинца-м кхетта ваьлла-кхий:

Сайн махкахь цӀарца къонахийн

ЦӀеяхна со а хинварий.

 

17

 

Со хьоьжуш Ӏара. Бодашкахь

Цхьа мостагӀ тосавелла, цхьа

Са-гӀийла деха цӀогӀа деш,

УьгӀира и. ГӀум кегаеш,

Ког хьийкхира цо оьгӀазе,

Ткъа тӀаккха шина кога тӀе

Хьала а иза хӀоьттира,

Таба а – лахлуш – тебира,

Со лийр волуш, тӀекхетахь и…

Ас цул а хьалха дира и.

Ас тоьхнарг нийсий ва сихий

Хилар ду – тап ша дагарό –

Хье беллар цуьнан сан гӀожо.

Цкъа аркъалйоьжна адамийн

УгӀарца, гӀаьттира и, цӀий

ДӀатуьйсуш, Ӏенарх чевнан ков,

ТӀелоцуш дов, и луьра дов!

 

18

 

И суна кхийтира схьа тӀе,

Ткъа ас логах чу, хьем ца беш,

ЧутаӀӀош туьйхира сайн герз,

Цигахь кхин шозза хьовзадеш.

УгӀарца тевжира цкъа и,

ТӀеузуш тӀаьххьара шен ницкъ,

Ткъа тӀаккха тхойшиъ къовсамехь

Лаьхьарчех вовшах хьаьрчира,

Ши доттагӀ санна, мар-марахь

Тхо ший а лаьтта хаьрцира.

Цигахь а лийтира-кха тхо,

И цӀокъберг санна, дера – со,

Са дáккхал хьоькхуш акха мохь,

Со-суо а волчух берзалойн,

Ва церан – шиннан – тайпанах

Схьаваьлла хьаннийн тхов кӀелахь.

Ган тар ма лора, адамийн

Мотт бицбелла – ца хууш кхин –

Бухбуьйлу, денлуш некха чохь,

Ас хьоькху инзаре и мохь.

Са-гӀора хада детталуш,

Сан мостагӀ-м гуора кхачалуш.

ТӀехаьрцаш суна, эххаре

Сацийра цо садеӀар шен,

Ши бӀаьрг а, аьрта къаьрзина,

ДӀахьаббеш гуттаренна а.

Ца толарх, яхь а ца луш кхин,

Ва бакъ тӀемало санна, и

ДӀатийра марахь Ӏожаллин…

 

19

 

Хьо гуш ву-кх, мӀараш тийсина,

Чов-кӀорга хӀара берина

Сан накха – чевнаш ерзаза,

Я монаш лацадалаза.

ТӀехьаккхалц лаьттан тӀуьна чкъор,

Ца йоьрзуш, уьш ас коша хьор.

ХӀетахь-м, уьш тергал а ца еш,

Сайн бисна ницкъаш тӀегулбеш,

Ас варшахь некъ дӀабира-кха.

Со кхоллам Ӏехо гӀертара:

Ма эрна! Сох и кхаьрдара!

 

20

 

Со, хьун а эххар кхачалуш,

Схьаваьлча, гӀатта ийалуш

Де дара, маьлхан зӀаьнаршлахь

Ца къаьсташ седарчех а цхьá,

И хьун а – денлуш аьзнашлахь,

Цхьа юрт а – геннара схьагуш,

КӀур гӀитто тхевнех йолалуш.

Цхьа гӀугӀ хьаьдира тогӀи чохь…

ЛадогӀа лахвелира со;

ДӀатийра мох сацарца и,

Ткъа ас тидамца зийра кхин,

Цкъа гича санна хеташ и –

Сайн бӀаьрго лоцуш мел дериг.

Ца кхетадора кхетамо

Юха а сайн набахте со

Схьакхаьчна хилар хьаьвззина.

Сан хьоме хилла къайле ткъа? –

Ас оццул дийнахь ва бусий,

Са дагош, хьегош, гӀайгӀанийн

Мохь санна, гергахь кхаьбна ерг? –

И эрна юьсуш хилар-те,

Ца диталора даге тӀе.

И, суо гӀеметтахӀоьттинчохь –

Дуьненан чомах кхеттачохь –

Цу нежнийн хьаннийн техкаре

ЛадоьгӀуш, синна хилла тем

Ас кошан кӀара хьур бу-те,

Сатийсар санна Даймахке,

Шу кхардо доккхуш бахьана? –

И шеко ирча гӀан хиларх

Тидар а кхачош, геннара

Цхьа аз деара горгалан.

Хьо маржа! Хийла бераллин

Шерашкахь хезна дара и:

Сан гӀенаш мерза-марзлучохь

Цу озо къеставина со

Сайн лаьттах – нах са-маьршачу,

Сайн нахах – хьоме-хьомсарчу,

Цигарчу дойх – са-аьрхачу,

Ва къийсамех а – башхачу,

Ас цхьамма толам боккхучу!

Даго сан, дуьхьал детташ ов,

Ца лáхь а горгалан и зов,

Со кхеташ-м вара, кхин сайн лар

Даймахка кхочург цахиларх.

 

21

 

И кхаж ма суна хьакъ а бу-кх!

Дино а арахь хийрачу,

Вуон бере тосий тӀера чу,

Некъ цӀехьа хоржуш ма хуьлий –

Ва боций, нисса дуьхьалий.

Ткъа цунна хьалха хӀун ю со?

Ас эрна кхеби некха чохь

Син дáгар – гӀора гӀийла дерг,

Я Ӏехам – хьекъалх тилла берг.

Набахтин лар ю суна тӀехь.

Ва иштта хуьлу ӀиндагӀехь

Кхиийна зезаг: цхьалха-шá

Токхийца денош цо а, цхьá

ЗӀаьнар ца кхочуш – маьлхан – тӀе,

Ца сихлуш маргӀал хеца шен.

Къахетий, цхьамма эххар и

Кхоамца беша розанийн

ДӀадугӀу. Церан хьожа бен,

И тамехь-мерза ерггий бен,

Кхин йоцуш лулахь, – зовкх хьо яӀ! –

Садаьржа хан а хӀутту схьа.

Ткъа йовхо, маьлхан зӀаьнаро

Йохьург, ца лов-кха зезаго,

Набахтин хьу шех йоьллачо…

 

22

 

Ва иштта йоьллера сан хьех

Къинхетам боцчу дийнан цӀе.

Ас корта кхехьарх бацала,

Хуьлуш кхин гӀоли-м яцара:

Ша куллан кӀохцалх, къийзош хьаж,

ТӀехьекхалора декъа гӀаш;

СадоьӀуш цӀерца, лаьтто а

Сан юьхь тӀе алу еттара.

Лакхенгахь суйнаш, къегий, леш,

ЧуӀенаш тархаш тӀера Ӏаь,

Къорделла, маьлхан кӀайн дуьне

ДӀатийна Ӏара набарехь:

Я бецан лекъ а ца хезаш,

Я йилбаздинан цӀар-цӀар, я

Хин татол, берийн бур-бурехь…

Лаьхьий бен – гӀашлахь шур-шур деш.

Цо, можа букъ а сеттабеш,

ГӀамар тӀехь леррина шен лар

ДӀашершайора меллаша

(Сет санна гуора букъа тӀехь

Дашочу варкъан йозанехь

Тир йигна шаьлтанан и кеп);

Ткъа наггахь, йолий ловзаре,

Шен дегӀ цо кхолха чӀагаре

ТӀехьийзадора; тӀаккха-м ткъа

Са-бӀаьрзе, йовхо Ӏаьткъина,

И гуора хьийзаш, кхиссалуш,

ДӀалачкъа куллах чутуьлуш.

 

23

 

Шадерриг дара стигалахь

Ва сирлий, тийний; Ӏаьнарлахь

Ши лам а геннахь къасталуш,

Цу цхьанна тӀехьа, ийалуш,

Вайн хьармин керт а лепаш гуш.

Лахенца хьаьдда доьдура

Ши хи – Арагвай ва Курай,

Шаьш керла гӀайреш яьхначохь,

Шаьш церан айраш огучохь

Цу коьллийн орамашна, хиш

ТӀекхоьхьуш, йохуш дато йист.

Со царна-м генахь вара-кхий! –

Суо гӀатта тохаваларехь

Дуьне а хьаьвзаш бӀагорехь,

Мохь тоха воьлча, екъачу

Багах схьа аз ца озалуш.

Со лечу хьолехь вара-кха,

Тиларчу вахна.

                         Хетара,

Суо Ӏуьллуш кӀоргехь, хин бухахь,

Гуо маббу бода буькъачохь.

Шал-шийла хи а логах чу

Ца Ӏаббал Ӏенаш хеталуш,

Ас само йора, набаро

Ца Ӏехавойла лууш суо…

Ма тамехь дарий хьуна и!

Ткъа дӀо цигахь, хин тӀехулахь,

И тулгӀеш ловзаюьйлучохь,

Оцеран ангалешна чекх

Чукхийда малх а баттал тӀех –

Со Ӏехаварца – буьйлура.

Цкъа наггахь чӀерийн жӀуга а,

Бос херцаш маьлхан зӀаьнаршлахь,

ДӀатӀехтуьлура. Царах цхьаъ –

ТӀе-гуонах хьийзаш, хьесталуш,

Дашочу пиллигашлахь букъ

Схьаоьхьуш бара, бӀаьргийн гуо-м

Схьагора, хьаьшна гӀайгӀано…

Ва амма аз – цхьа инзаре,

Цхьа аьхна, тамехь – сан лере

ТӀетеӀаш, декадора-кхий

Къамелехь цо, ткъа цкъацкъа и –

Цхьа тамашийна лешарехь

Со Ӏехо даржош эшарехь.

Цо соьга бохура:

«ХӀай кӀант,

Висахьа соьца хьо:

Ду хьуна маттов сан кхузахь

Синтеммий, шийла хӀой.

 

*

 

Хьо сайн йижаршца хелхарехь

Ас юккъе хьовзор ву:

Хьан бӀаьргийн серло къагаер,

Хьан са а ойъур ду.

 

*

 

ДӀатовжа, кӀеда бу хьан мотт,

Ю чорда – тӀетосург.

Ма аьхна Ӏуьллур ву-кха хьо,

Ма башха гӀенаш гур!

 

*

 

Сан хьомениг! сайн дагара

Ас хьох ца лачкъадо,

Со хьаьгна цӀенна даредан –

Син мехха веза хьо…»

 

ЛадоьгӀуш вехха Ӏийра со,

Дашочу чӀеран хабаро

ДӀаваьхьна, хеташ-мотталуш:

Хи лиэша аз а чӀеранчух

ДӀаийна, – цо шен шур-шур деш.

Сан гӀора эххар кхачадеш,

Сан бӀаьргийн са а дайра дӀа.

 

24

 

Со иштта карийнера-кха…

Кхиндерг-м ткъа хьуна-хьайнна а

Хууш ма дуй. Со вéли-кха.

Хьо тешарх, я ца тешарх хьо,

Бен хеташ вац-кха хӀинца со.

Кхин гӀайгӀа ю сан хӀинца ерг:

Дайн латта дац сан докъа тӀе

Тосур дерг – и талхор а дерг.

Ас текхна бала сица лáн

Сан цӀаро Ӏовжонверг а цхьá

Ца ваьр кху пенаш юккъехь цкъá.

 

25

 

Хьо марша Ӏойла-кха, вашá…

Схьакховдадехьа куьг а хьайн:

Хьажал хьо, догуш ду сан дерг...

Ас жимчохь дуьйна схьа и цӀе,

Са дагош, кийрахь сецайи.

Ца йолуш маьрша марса, и

ДӀаоьцур ю-кха юха Цо –

Шен нийса рагӀ еш, дика-вон

Массо а цӀарца кхачочо.

ХӀун ял хир суна? – деллалург

Хир синна ялсаманин нур…

Цу лаьмнийн баххьаш лекхачохь

Суо жимчохь ловзуш лелла мохк

Масех минотана цкъа ган,

Хьо маржа! – дӀа-м лур дара ас

Дуьне а, ялсамани а…

 

26

 

Садáла гергавахча со

(Ас дукха хьевийр вац-кха хьо),

Вайн беша ваккхийта со ахь –

Цигарчу кӀайчу зазашлахь

Акказийн кондарш йолчухьа.

Цу шинна юккъехь юькъа буц

Ю, хӀо а унах цӀена ду,

Ткъа малхехь ловзу гӀа-патарш –

ТӀехьаьрсинчух дашо басарш.

Цигахь ас, тӀаьххьара и деш,

Са-сирла деъна сийна де

Кхин цкъа а хьоме тергалдер.

Кавказ а циггара дӀа го!

ХӀун хаьа, хьовха, гина со,

Шен лаьмнийн баххьашкара хӀо

Доуьйтий маршаллица цо…

ДӀавоьрзуш, суна гергахьа

Юха а декар хьоме аз!

Ткъа суна эццахь мотталур:

И ваша ву, я доттагӀ ву,

Кхин йох ца яла шеллучу

Сан юьхь тӀехь куьйга хьастам беш,

Цхьа гӀийла, лохха мукъам беш –

Сан хьоме Даймохк хестабеш…

ДӀатуьйр ву со цу ойланехь,

Ца хьехош цхьа а сардамехь!..»

 

Гочйинарг – Ахматукаев Адам

 

[1] М ц ы р и – на грузинском языке значит «неслужащий монах», нечто вроде «послушника». (Прим. Лермонтова)

 

[2] К х о л л а р – тӀекхуллу бедар (Гочдархочун билгалдаккхар).

Прочитано 62 раз
Авторизуйтесь, чтобы получить возможность оставлять комментарии